Кху дуьнена веъна ву и маьрша ваха а 
Ц1ийца йолуш маршо дайша шега кховдина 
Цунна санна кхуур дац-кха мехка лерам ба 
Шеца харцо лелинариг цо ца ловзийна
Припев:
Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа 
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са 
Цуьнгахь йолу Майралла дуьне эшшол ю 
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву
Замано ше куьг а тесна дахчийна ду дог 
Вухур вац и лаьмнаш лелхарх, латта дагарах 
Кхеравелла юха боккхур болуш вац и ког 
К1илло хилла вехар вац-кха хьо кху дахарехь
Припев:
Кху дуьненчохь хир ма вац цунах тера цхьа 
Ц1аъа цхьанне къарлур дац нохчи к1ента са 
Цуьнгахь йолу майралла дуьне эшшол ю 
Х1етте вац и доьвна да иза-м къонах ву
Хьовсийша, ма нуьре лепа цуьна ойланаш 
Маьрша ваха хиъначунна масал хилла га 
Б1ешерашкахь дуьйна хилла нохчи к1ента яхь 
Летта вала волуш кийча и ца яла д1а 
Взято с сайта - RU.GL5